ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

WhatsApp мессенджеран гIоьнца лецна тIемалой


Нохчийчохь дIалецначаьрца «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца генаш тесна тIемалой а, церан гIоьнчаш а бу, уьш гучубаха таро хилла WhatsApp олучу мессенджерехь йозанца дина къамелаш бахьанехь аьлла ницкъаллин структурийн хьосташа. «Кавказан узел» агенталло хьалхо ма яздарра, кху беттан 10-чу дийнахь Цоцин-Эвлахь кегийрхойн тоба лаьцна махкахь теракташ дан лерина хилла. Кадыров Рамзана дира иштта дIахьедар.

Шина дийнахь дIаяьхьначу леринчу операцешкахь Курчалойн а, Шелан а кIошташкахь тIемалой хилла аьлла 4 стаг вийна, 2 Росгвардин эскархо а. Меттигерчу бахархоша даредарехь, иттанашкахь кегийрхой лецна 8 эвлара. Царех 22 цIераш зорбанехь Iораяьхна. Цоцин-Эвлахь тIелатар дан тIемалоша кечамбарх ницкъаллин белхахошна гучудаьлла, цара WhatsApp-ехь дIасакхехьийтинчу хаамашкахь бохуш яздо «Коммерсанто».

Ишта оцу хаамийн гIирсо бахарехь, Цоцин-Эвлахь операци йолаеллачул тIаьхьа, махкарчу бахархошка дIасакхачийна WhatsApp мессенджерехула, шайн телефонашчохь динца боьзна хьехамаш а, совнах дина къамелийн йозанаш ма дитахьара бохуш. ЙогIу-йоьду машенашчура нехан телефонаш кегош, талламаш бинера полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG