ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведев: "Кликаш а хир ю Iедалера, лайкаш а хир ю..."


Оьрсийчоьнан пачхьалкхан преми журналисташна лучу барамехь премьер-министро Медведев Дмитрийс латкъам бина халчу дахаран а, доцучу ахчанан а. РИА Керланаш хаамийн гIирсо даладо Медведевн дешнаш: «Дахар- чолхе хIума ю, ткъа ахча, хууш ма-хиллара данне а дац».

Пачхьалкхо хаамийн гIирсашна накъосталла дийр ду аьллачул тIаьхьа, тIетоьхна премьер-министро и дешнаш.

Муха, стенца латтор ду гIо, Медведевс ма-дарра ца къастийна, амма, шена езачу гаджетийн маттахь дIахьедина журналисташка, «хIинцачул тIаьхьа «кликаш» лахьорал а совнаха, «лайкаш» а хир ю шуна Iедалера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG