Дагестанерчу Тарумовн кIоштахь «Тойота» машенна а, цуьнан долахочунна, 40 шо долчу Хьалха-Мартанарчу вахархочунна а полисхоша талламаш бечу хенахь гучуяьлла, пайдаэца йихкина «Спайс» олу, 73 грамм барамехь наркотик.
Вахархочунна дуьхьал айдина бехктакхаме гIуллакх, хаамбо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIоьнчаша.