ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан 8 конгрессмен дуьхьал ву Трампана


Iамеркан керла хаьржинчу президентан Трамп Доналдан инаугурацина новкъарло ян лерина ву 8 Iамеркан конгрессмен. Царех цхьаберш тешна бу, харжамашкахь Трампна толам баккхарехь Оьрсийчоьно гIо лаьцна хиларх. КIирандийнахь NBC телеканало гойтур йолчу интервьюхь Палатан векало, адамийн бакъонашкахьа боламан ветерана, демократа Льюис Джона дIахаийтина, Трамп бакъонца толаме кхаьчна бохург ша бакъ ца дар.

Оьрсийчоь харжамашна юкъагIортар бакъдеш Iорабевлла къайлахчу сервисийн хаамаш хьахош, Льюиса билгалдаьккхина, демократийн цIарх харжамашкахь Клинтон Хиллари эшар, Оьрсийчоьно йина новкъарло бахьанехь хилар.

Адамийн бакъонаш ларъечу боламан жигархоша йолийна Трампан инаугураци герга кхочуш протестан акцеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG