ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс чIагIдина ведда тIемало шайн караварах


Дацаев Iимран шайн каравар чIагIдина Кадыров Рамзана Инстаграмехь. «Шоьтадийнахь лаьцна кхераме террорхо Дацаев Iимран. Гелдаганахь лерина операци дIахьочу хенахь ведда, ваьллера иза. Минутка олучу майданна гергахь полисхоша лаьцна иза дийна а волуш» аьлла, яздо шен Инстаграмехь мехкан куьйгалхочо.

Цо бахарехь, стохка гурахь полисхо Даутмерзаев Аюб вийна хилла цо. «Шайн хьоьх тешам хилийтархьама, муьлхха а цхьа полисхо вен а вей, тоьшаллаш кхачаде шайга аьлла, омра дина хилла «Иблисан пачхьалкхан» тобанхоша», кхи дIа яздина Каадыровс.Мехкан куьйгалхочо ца хаийтина, муха, стенгахь вийна Даутмерзаев.

«Кавказан узел» агенталлан зерашца, гуьйренан хьалхарчу баттахь цхьа а ницкъаллин структурийн белхахо вийна аьлла хаам ца баьржира хаамашкахь, шолгIачу баттахь хьосташа яздора, тIехъйолучу машенчуьра герз тоьхна нефтегазан объекташ ларъечу полкан полисхо вийна бохуш. Вийначун цIе ца йовзийтира зорбанехь. Лахьан-баттахь а бац хаамаш Нохчийчохь полисхо вийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG