Дечкен-беттан 11-чу дийнахь шаьш байинчу "тIемалойн" хиллачу Iалашонех лаьцна дийцина журналисташна Нохчийчура администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо чIагIдарехь, и нах дагахь хилла танканаш йолчу тIеман декъана тIе а летта, Ханкалана атака ян. Кадыровс дийцарехь, цунах лаьцна цуьнга дийцина йийсаре лаьцначу тIемалочо.
Цо динчу тоьшаллица, кегийрхой дагахь хилла молланаш а, администрацин векалш а, полисхой а, Iедалхой а байа, ткъа Ханкалана яккхийн тоьпаш етта Iалашо хилла церан, шайн караяьхкинчу танканашна чура, бохуш дуьйцу Кадыровс.