ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн паспорташ карадахна Иракъан эскархошна (видео)


Иракъерчу Мосул гIалахь карийна паспорташ
Иракъерчу Мосул гIалахь карийна паспорташ

Иракъерчу Къоман ГIаттамхойн Ницкъашна Мосул гIалахь университетана тIелатар дича карадаьхкина иттанашкахь паспорташ а, кхиндолу тоьшаллин кехаташ а. Царах цхьадерш нохчийн бахархойн цIарх ду: 1988-чу шарахь винчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочун Ибрагим Хасиев Хумидовичан цIарх делла паспорт ду, ткъа важа - Астраханерчу кIоштан вахархочун, 1985-чу шарахь винчу Ибрагим Налаев Вахаевичан цIарх делла ду. Цул сов, машена урхалла дан бакъо лун кехат а карийна 1983-чу Нохчийчохь винчу Рамзан Бисаев Умаровичан цIарх. Иракъан эскаро шайна карадаьхкина кехаташ даржийна You Tube-хула.

Ала догIу, Мосул гIалахь масех бутт а бу ДаIишана а, Иракъан эскарна а юкъахь тIемаш дIадоьлху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG