ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуденана кхин а шина шарахь ваха бакъо елла Оьрсийчохь, Мэннингана гечдина.


Argentine -- Edward Snowden speaks via video link during a conference at University of Buenos Aires Law School, November 14, 2016
Argentine -- Edward Snowden speaks via video link during a conference at University of Buenos Aires Law School, November 14, 2016

Оьрсийчоьно кхин а шина шарана Оьрсийчохь ваха бакъо елла Сноуден Эдвардана. Цу хьокъах хаам бира Оьрсийчоьнан Арахьарчу ГIуллакхийн векало Захарова Марияс Facebook агIонехь. Хууш ма-хиллара, Сноуденас масех шо хьалха Iорадехира Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан къайлаха кехаташ. 2013-чу шарахь Iамеркера веддачул тIаьхьа, цунна тховкIело елира Оьрсийчоьно. Цо Iорадеханчу кехатийн терахь кхочу 1,3 миллионе.

Дечкен-беттан 17-чу дийнахь, президента Обама Баракас хийцина Мэннинг Челсина тоьхна хан. Цунна къайлаха кехаташ Iорадахарна тоьхнера 35 шо хан, ткъа иза хIинца набахтера аравер ву кхе шеран стигалкъекъа баттахь.

Мэннингана санна Сноуденана хIунда ца до Президента геч, аьлла хаттар дича, президентан пресс секретаро элира: “Сноуден вайн демократих болу тешам байа гIертачу мостагIчун пачхьалкхе вада а ведда, цигахь тховкIело ехна.”

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG