ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прокуратуралло тIедожийна гIуран-баттахь хилла тIелатарна талламбар жигара даккхар


Chechen police
Chechen police

Даханчу шарахь Соьлжа-ГIалахь гIуран-баттахь полисхошна дина тIелатаршна талламбечу хенахь низам дохийнера, аьлла дIахьедина прокуратуралло. Масала, террорхой динчу тIелатарна юридикан мах ца хадина, аьлла хаамбо Нохчийчуьрчу прокуратуралло. Цу хаамехь билгадаьккхина, масех стаг хиллачух левина ца хилар а, молекулийн-генетикан а, кхиболу суьдан талламаш ца бар а, динчу тIелатарна юридикан мах ца хадор а.

И массо а хIума тидаме а эцна, Нохчийчуьрчу Талламан комитетан куьйгалхочун цIарх прокуратураллера кехат кхаьчча, дохийна низамаш дIадаха а, талламбар жигара даккха а, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG