ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь реза яц Европан кхелан сацам кхочушбан


Белги -- Могерини Федерика, Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн куьйгалхо, гIуран-беттан 19, 2016
Белги -- Могерини Федерика, Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн куьйгалхо, гIуран-беттан 19, 2016

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело дIахьедар дина, Москох Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 1,9 миллиард доллар Юкос компанин хиллачу акцийн долхошна Оьрсийчоьно дIадала деза аьлла тIеэцна сацам кхочушбан декхареллахь яц, аьлла.

Кхелан гIантдас Зорин Валерийс и сацам хааме баьккхина дечкен-беттан 19-чу дийнахь. Цо билгалдаьккхира, Оьрсийн конституцин кхелан приорет ю Оьрсичоьнан суьдан системехь, аьлла. Европан адамийн бакъонашхула кхело йохийна Оьрсийчоьнан бахархойн бакъонаш, аьлла тIетуьхира цо.

Холтген Даниэлс, Европан Кхеташонан инарла-секретаран пресс-секретаро Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан сацам “гIайгIа кхуллу” сацам бу, аьлла дIахьедина, Кхеташонан декъашхой йолу пачхьалкхаш Европан адамийн бакъонашкахула конвенцин сацам кхочушбан декхареллахь хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG