ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу терроран духьал опецарехь дакъалаьцначу зудчо вийна шен доттагI


Нохчийчоь - Чиллан-бутт, 1995

Липецкан областехь 42 шо долу зуда бехке лерина шен вевза стаг верна. Цуьнан ши накъостана а хенаш тоьхна и зулам хьулдарна. 2016-чу шарахь шен доттагI йолчу вахон маларш молучу хенахь цу шина зудчуьнан дов делира. Цу шина дов даьлча, цхьана зудчуьнца хилла стаг гIоьртира шеца хьошалгIа еана, шен доттагI месаш тIера схьалаца. Цу мIаьргонехь цу зудчо стоьла тIера урс схьа а эцна, цунна вортана чу урс туьхира. Маситтаза цуьнан урс тоьхначул тIаьхьа, уьрсан дитт сеттира. Цул тIаьхьа, цо маIар биттина вийра шен доттагI.

Талламхоша дагардича хиира цунна 30 урс а, маIар а тоьхна хилар.

Петаран дас а, цуьнан доттагчо а стаг вийнчу зудчунна гIо дира дакъ дIадолла. Цара цуьнга дош делира хиллачух айкх ца довла, амма тIаьхьо шен доттагI вийна зуда полисхойн хьукмате а еана, ша динчу зуламна даре дира.

Дов хаттарехь цо мукIарло дира шена урс а, маIар а и стаг верхьама билгал мича тоха хаьара Къилбаседа Кавказерчу терроран дуьхьал операцехь ша дакъалаьцна хиларна, цига яхале хьалха лерина Iаморшкахь ша дешна хиларна а. Къилбаседа Кавказерчу терроран дуьхьал оцерацешкахь дакъалацарна, кхело цунна къинхетам а бина, 7 шо ах шо бен хан ца туьхира, ткъа цуьнан шина доттагIчунна стаг вер хьулдарна 25000 сом гIуд туьхира.

XS
SM
MD
LG