ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аллепохь Оьрсийчоьнна гIуллакхдечу нохчийн полисхойх документалан филм яьккхина


Нохчийчуьра полисхой
Нохчийчуьра полисхой

Даханчу шеран гIуран-баттахь Нохчийчуьра полисхой Шема хьажош видео сихха яьржира интернетехула. Видео кеп-кепара тIеийцира нохчаша, ткъа дукхахберш реза бацара нохчийн цига хьажорна. Дийцарехь, и видео яьккхинчунна таIзар а дира. Хьулъян лерина мисси нахала яьлча, нохчийн полисхой Шема хьажор Далла а деза гIуллакх ду, аьлла цу хиламна маха хадийра Нохчийчуьрчу муфтис Межиев Салахьс. Кху деношкахь яьккхина 24 минот еха филм YouTube-чу йиллина Anna News-о. Цу филмехь гуш бу Аллепохь Оьрсийчоьнна гIуллакхдеш болу нохчий а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG