ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойн гергарнаш юьртах баха сацам бина Шелахь


Лецначеран гергара нах
Лецначеран гергара нах

Дечкен-беттан 19-чу дийнахь Шелахь гуламе баьхкинчу цу гIалан бахархоша сацам бина хIинцачул тIаьхьа тIемалойн могIарех дIа а кхетта Нохчийчохь зулам динчеран гергаранийш жоьпе озор а, уьш юьртах баха а. Цхьаболчу гуламан декъашхошна хета и тайпа гуламаш Iедалша тIемалойн гергарчарна дуьхьал цхьа зулам дича шайна тIера бехк дIабаккхархьама дIахьо, аьлла хета.

Ма-хаарра, Дечкен-беттан 16-чу дийнахь Курчалахь а, 13-чу дийнахь Цоци-Эвлахь а и тайпа гуламаш дIабаьхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG