ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бетербиев Артур летар ву Баррера Саливанца


Бетербиев Артур, нохчийн боксёр
Бетербиев Артур, нохчийн боксёр

Нохчийн уггар гоьваьллачу боксёрех волчу Канадехь вехачу Бетербиев Артурна хала-атта а карийна шеца летарверг: Кубера Iамерканхо Баррера Саливан. 11 леттачу Артурс 11 толам баьккхина нокауташца. Цуьнан буйнийн ницкъ бевзаш, цуьнца лата реза ца хилира Ковалёв Сергей а, Скоглунд Экрик а, Коллинг Энрико а, Монегхан Сеан а. 34 шо долу Баррера Саливан 19 латарехь 1 бен ца эшна. И шиъ лата лерина ву заздоккху-беттан 4-чу дийнахь. Цу шинах тоьлларг летар ву IBF-ехула чемпионан дарж къовса Ковалёв Сергей эшийнчу Уорд Андреца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG