ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Астана делегаци хьажор яц Цхьаьнатоьхначу Штаташа


Казахстан, Астана -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Казахстанан президент Назарбаев Нурсултан а, 2015-гIа шо
Казахстан, Астана -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Казахстанан президент Назарбаев Нурсултан а, 2015-гIа шо

Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто дIахьедар дина Астанехь дечкен-беттан 23-чу дийнахь хин долчу Шемахь машар хIоттон леринчу дийцаршка делегаци хьажор яц, амма Цхьаьнатоьхначу Штатера Казахстанехь волу векал хир ву дийцаршкахь, аьлла.

Вайна дага ма дарра, дечкен-беттан 20-чу дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн Министера Лавров Сергейс элира Москохо Трампс Юккъерчу Малхбале евза эксперт Астана хьажор хиларна дог доху.

Карарчу хенахь Обама Баракъа хIоттийна Крол Джордж ву Казахстанехь Цхаьнатоьхначу Штатийн векал.

Ала догIу, и дийцарш вовшахтоьхна Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно а, Туркойчоьно а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG