ТIекхочийла долу линкаш

"Цхьааллин Оьрсийчоьнан" лаккхарчу кхеташонна юкъабахна Къилбаседа Кавказан куьйгалхой


Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, ГIебарт-Балкъаран а, Дагестанан а куьйгалхой Цхьааллин Оьрсийчоьпартин лаккхарчу кхеташонна юкъабахна, цу партин декъашхоша цаьргахьа шайн цхьаьнакхетарехь кхаж тесанчул тIаьхьа. Ша аьлча, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куйьгалхо Евкуров Юнусбек а, ГIебарт-Балкъаран а куьйгалхо Коков Юрий а, Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан а бу хIинца цу партин лаккхарчу кхеташонан декъашхой. Царах кхеташоне юхахаьржинчех ву Кадыров Рамзан, хоуьйту РИА Новости

Цу партин декъашхойн хиллачу XVI-чу цхьаьнакхетарехь лаккхарчу кхеташонан юкъаваха хаьржина 100 стаг.

XS
SM
MD
LG