ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин олимпиадан комитетан куьйгалхо: Оьрсийчоьнна дехка деза тIейогIучу олимпиадашкахь дакъалацар


Оьрсийчоь -- Сочера 2014-чу шеран Олимпиад чекхъяларан церемони, Чиллан-бетта 23, 2014
Оьрсийчоь -- Сочера 2014-чу шеран Олимпиад чекхъяларан церемони, Чиллан-бетта 23, 2014

Оьрсийчоьнан 1,500 метр водучу атлето Димитриев Андрейс гучудаьккхина Оьрсийчоьнан допинг контролан бахьанехь болхбар дихкина хилла тренарш хIинца а мехкан атлеташца болхбеш хилар. Германин АРД-на телегойтиллина интервью луш и бехкам бохочех, цо масална цIе яьккхира Казарин Владимиран. Казарина атлет Степанова Мария яра Оьрсийчоьнан атлеташа допингех шуьйрра пайдаоьцу бохург Iорадаьккхинарг.

Дечкен-беттан 22-чу дийнахь, Германин олимпиадан комитетан куьйгалхочо Нерман Алфонс Die Welt зорбане элира Оьрсийчоьнна дехка деза 2018-чу шарахь хин йолчу Iаьнан олимпиадехь а, 2020-чу шарахь хин йолчу аьхкенан олимпиадехь а дакъалацар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG