ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров - Трампан хьалхара мостагI?


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзанс НТВ-на еллачу интервьюхь дIахьедира, ша догдоху Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана Трамп Доналдана а, Оьрсийчоьнна а бийца юкъара мотт карориг хиларе. Цу шина пачхьалкхо ницкъаш цхьаьнатоьхча, дуьненаюккъера терроризм сиха эшор ю, аьлла кхидIа а дIахьедира цо. Амма цунах гIуллакх ца хилахь, ша Трампан хьалхара мостагI а хир ву, аьлла тIетуьхира Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG