ТIекхочийла долу линкаш

 Шемара хьал дIанисдарх лаьцна дийцарш дIадуьйлалуш ду Астанахь


Казахстан - Шемара дов д1адерзорах лаьцна дийцарш. Астана, 23 Дечкен-бутт 2017.

Астанахь дIадуьйлалуш долчу Шемара хьал дIанисдарх лаьцначу дийцаршкахь оппозици кийча ю дийцаре дан герзаш деттар соцаш бина барт кхочуш барх лаьцна хаттарш. Цунах лаьцна Reuters агенталле хаам бина Шемара оппозицин делегацин векло ал-Ариди Яхьяс.

Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, цу дийцаршкахь дакъалоцуш бу Шеман оппозицин а, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а, Iамеркан а векалш а, ткъа иштта дуьненаюкъараллан Шемахула волу леррина хьадалча де Мистура Стаффан а.

XS
SM
MD
LG