ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а территореш минанех цIанъяр дIадерзор ду 2019-чу шарахь


Нохчийчоь -- Минанаш дIайохуш ю Соьлж-ГIалан йистехь, 22Манг2012
Нохчийчоь -- Минанаш дIайохуш ю Соьлж-ГIалан йистехь, 22Манг2012

Гергарчу шина шарахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанаш кхоччуш дIацIандийр ду лелхазчу минанех а, бомбанехъ а, кхин долчу герзах а. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.

Оьрсийчоьнан Инженерийн эскаран буьйранчан когаметто Аллахвердиев Руслана дийцарехь, и белхаш дIадерзор ду 2019-гIа шо долалуш.

Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а минанех цIанъяран белхаш долийнера 2012-чу шарахь, Оьрсийчоьнан президентан омраца. Хьалхо Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедар динера и болх чекхбоккхур бу шаьш 2018-шо тIекхачале аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG