ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура Iедало шен Iуналле эцна 53 културан тIаьхьало


Нохчийчоь - Итум-Кхаьлла кIошт, ГIадужу-бутт 14, 2013
Нохчийчоь - Итум-Кхаьлла кIошт, ГIадужу-бутт 14, 2013

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, Iедалша Iалашъян шен Iуналле эцна 560 културан тIаьхье аьлла.

Цо дийцарехь, ерриг а Iедало шен тидаме эцнарг ю регионан а, федералан тIегIантIехь йолу 53 културан комплекс. Уьш лаьтташ ю 560 гIишлойн объектах.

Кадыровс бинчу хаамца, юьйцурш ю Никаройн а, Хьайбахан а, Тийстийн а, Хийлахан а историн а, архитектуран а комплексаш а, ткъа иштта ЦIайн-пхьеда а, Пакоч а, Цекалой а, кхин йолу а шира эвланаш а, кIотарш а, кешнаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG