ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь бобераш тIеоьцу меттигаш кхолла дагахь ву Кадыров


Нохчийчоь -- Элистанжахь берийн беш схьайоьллуш дакъалоцуш ву Кадыров Рамзан, Веданан кIошта, 23Стигалкъекъа-бутт2013
Нохчийчоь -- Элистанжахь берийн беш схьайоьллуш дакъалоцуш ву Кадыров Рамзан, Веданан кIошта, 23Стигалкъекъа-бутт2013

Шеман коьртачу гIалахь Димашкъехь а, Алеппохь а бобераш тIеоьцу меттигаш яхка дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамазан. Цу Iалашонна ахча духкур ду Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Цунах лаьцна Кадыровс хаам бина Instagram-хь.

Цул сов, Кадыровс дийцарехь, кху деношкахь Шемахь хиллачу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, муфтийс Межиев Салахьа а дийцина цуьнга Алеппохь болчу нохчийн къомах болчу эскархойн дахарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG