ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура эскархой Шемахь буьтур бу Зазадоккху-бутт тIекхаччалц


Нохчийчоь -- Шема хьажийна Нохчийчура Оьрсийчоьнан эскархой.
Нохчийчоь -- Шема хьажийна Нохчийчура Оьрсийчоьнан эскархой.

Стохка ГIура-баттахь Нохчийчура Шема хьажийна тIеман полицин батальонера эскархой буьтур бу цигахь Зазадоккху-бутт тIекхаччалц.

Цунах лаьцна яздо «Кавказский узел» интернетан ресурсо, Нохчийн республикерчу ницкъаллин структурашкарчу хьостана тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, Нохчийчура эскархой Шемахь гIуллакх дан дезаш бара Дечкен-бутт чекхбаллалц.

Цуьнца цхьана, хIинца Къоман гвардина юкъайогIучу хиллачу «Север» батальонерчу эпсаро дийцарехь, Нохчийчура Шема хьажош ю кхин а эскархойн цхьа тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG