ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьцна Дацаев къера хилла ша полисхо верна


Нохчийчоь -- Куршлойн-Эвла. 2016.
Нохчийчоь -- Куршлойн-Эвла. 2016.

ТIемало хила мега аьлла шеко йолуш, Куршлойн-эвлахь лаьцна волчу Дацаев Iимрана шена тIелаьцна полисхо вер. Цунах лаьцна хаам бина "Кавказский узел" интернетан ресурсо.

Дечкен-беттан 14-чу дийнахь Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, и жима стаг Шемарчу а, Иракъерчу а ДАIИШ тобанца уьйраш йолуш хилла аьлла.

Шелара вахархо Дацаев Iимран къера хилла, цхьацца объекташна ха дечу полицин декъан белхахо Даутмерзаев Аюб верна. Даутмерзаев герз диттина вийна карийнера 2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 8-чу дийнахь Мескер-Эвлана гергахь.

"Кавказский узел" сайто, Нохчийчура чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера хьостана тIе а тевжаш, бинчу хаамца, Дацаевс даре дина, ша юкъахь а волуш, Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Куршлойн кIоштахь Оьрсийчоьнан Къоман гвардин ши эскархо вийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG