ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь полиомиелит олу цамгар кхетта бераш дац боху Кадыровс


Полиомиелит олу цамгар кхетта цхьа а бер дац Нохчийчохь аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийчохь вакцинаци яр бахьана долуш и цамгар яьржина бохург информацин диверси ю аьлла цо.

Кадыровс дийцарехь, республикехь шина берана полиомиелит цамгар кхетта аьлла социалан машанашкахь хаам баржийна хилла Республикан тIейолучу цамгарийн клиникан центрерчу цхьана лорйишас.

Цу хаамо вуно йоккха гIовгIа эккхийтина махкахь. Цул тIаьхьа Кадыров цхьаьнакхетта цу лорйишица а, иза болх беш йолчу центран коьрта лоьраца а.

Республикан куьйгалхочо дийцарехь, эххаре а гучудаьлларг ду цу центрехь полиомиелит кхетта цхьа а бер ца хилар, ткъа лорйишас шен хаам баржийна хилла, шена евзачу цхьана зудчо аьллачунна тIе а тевжина.

Карарчу хенахь полиомиелит цамгарна дуьхьал вакцинаци йина Нохчийчохь 70% пхеа шаре кхаччалц хан йолчу берашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG