Францино а, Германино а шайна хетарг хаийтина Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш дIяхар хьокъехь.
Германин а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министарша Габриэл Зигмара а, Эйро Жан-Марка а Парижехь шаьшшина цхьаьнакхетар дIадирзича дIахьедар дина санкцеш дIаяха Оьрсийчоьно кхочуш бан беза Украинан малхбалехь конфликт дIаерзорах лаьцца Минскехь бина барт аьлла.