ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа телефонехула къамел дина Путинца


Iамеркан президентан Трамп Доналдан а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а combo сурт.
Iамеркан президентан Трамп Доналдан а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а combo сурт.

Шоьтан сарахь телефонехула къамел дина Iамеркан президенто Трамп Доналда Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца.

Иза дуьххьарлера къамел дара цу шина лидеран, Трампан инаугураци хилар бахьана долуш, Путина телефонехула иза декъалвинчул тIаьхьа.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Трампа а, Путина а къамел дира 45 минот гергга. Путинан зорбанан секретаро Песковс Интерфаксе бинчу хаамца, санкцех лаьцна хаттар ца хьахийна.

Цул хьалха Трампа 45 минотехь телефонехула къамел дира Германин канцлерца Меркел Ангелица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG