ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэй Тереза: Туркойчоьнца йохка-эцар жигара доккхур ду Британино


Туркойчоь -- Мэй Тереза а, Эрдоган Реджеп а.
Туркойчоь -- Мэй Тереза а, Эрдоган Реджеп а.

Британин жигара даккха Iалашо ю Туркойчоьнца йохка-эцар лелор аьлла, дIахьедар дина Британин премьер-министро Мэй Терезас туркойн президентаца Эрдоган Реджепаца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.

Премьеран даржехь а йолуш, Туркойчохь шен хьалхара визит дIахьош йолчу Мэйс хьахийра Эрдогане адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хаттар а.

-2016-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чу дийнахь Британино гIортор йира хьуна, ахь демократи ларъеш. ХIинца мехала ду Туркойчоьно демократехьа болчу некъана гIортор яр", - элира Британин премьер-министро.

Шаьшшина цхьаьнакхетарехь Мэйс а, Эрдогана а дийцаре дира Шемара хьал а, Кипр юхацхьанатохарца йоьзна проблема а, ткъа иштта некъахойн кеманийн кхерамазалла хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG