ТIекхочийла долу линкаш

"Бож-Iела" цуьнга гайталахь, дийна ю театр


Нохчийчоь -- (аьр-аьтту) Театран, кинон актриса, Оьрсийчоьнан хьакъйолу артист Гичаева Раиса, театран, кинон актер, Оьрсийчоьнан халкъан артист Дудаев Муса, Нохчийчоьнан хьакъйолу исбаьхьаллин белхахо Берсанукаева Хеда, Соьлж-ГIала, 2005 шо.

Адамо хьехара ша хьаладоллушехь (нагахь санна даьхнехь а иза цу чохь) кхоьллина лара догIу театр! Аьлча а, ша саннарг Iамош, дахарца нисвеш, васт гойту майда. Актерна даима а мегаш хилла кхин цхьанне а ца мегарг - паччахьех, хьоладайх, дахаран хьовзамех бакъдерг ала, иза мел къаьхьа делахь а...

Цундела аьлла немцойн философо, драматурго Шиллер Фридриха 18-гIа бIешерачохь театран мах хадош хIара дешнаш.

«Кхело таIзар доцуш дуьтуш долу эзар сакхт гездоккху театро, низамо хьахош а доцу эзар дика а хьоьху. Шайн маьттазчу бенара хаьла а доккхий, бакъдерг а, харцдерг а хIоттадо серлонна хьалха. Адамо хьоьгу бала, баржабой, гойту вайна. Вай вастаца нехан дахаре а дуьгий, мерзачу хишца бузу вайн бIаьргаш, кхиадо вайгахь доьналла, зеделларг».

Шиллеран заманахь, иза вехачу пачхьалкхехь, цо бохучуьнга ладоьгIча, бакъдерг ма-дарра дийца а, гайта а торуш хилла, цхьана заманахь нохчашлахь жухаргашна а санна.

Ткъа тахана ала а, гайта а бакъо пачхьалкхо еллачул бен ца лела. Оцу хьолаца лараяла а гIерташ схьайогIу Нохчийн театр.

85 кхаьчна махкахь драмматикан театр кхоллаелла. Къам махкахдаьккхина 13 шо ца лаьрча, ца хеддаш, гойтуш, схьакхачийна цо таханене нохчашна дика девза васташ. 1928 шарахь Нохчийчохь интеллигенцина юкъара дешар Iамош хиллачу курсийн ладогIархочо Яндаров Мохьмада йиллина ларало театран сцена. Цо накъосташца цхьаьна гойтуш хилла ша язйина а, вежарша ШериповгIара - Назарбека а, Деналбека а, Элдарханов Iисас а, Бадуев СаIида а, Дудаев Iабдис а, Нажаев Ахьмада а, кхечара а язйина пьесаш.

ХIетахьлерчу Нохчийн театрехь болхбина актераша Татаев Вахас, Исаев Асета, Кагерманов Шамсуддис, Эльмурзаев Баудис, Ташухаджиева Асета, Ибрагимов ИсамаьIала, Горчханов Iусмана, Алхазов Тутас, Алхазов Iусмана, Алиева Тамарас, Батукаев Гарунa, Ташухаджиева Асета, Зубайраев ЯрагIис, кхин а дуккхаъчара – цIерш яьхна ца валла дукха хилла кху 85 шарачохь театран актераш.

60-70-чу шерашкахь гоьбевллачех ю актерийн цIерш – Хамидов Iабдул-Хьамид, Мустапаева Хьулимат, Дениев Iаьлви, Багалова Зулай, Идаев Юсуп, Омаев Дагун, Дудаев Муса, Азаев Хьамид, Радуева Зура, Джамаев Iимран, режиссераш Солцаев Мималт, Хакишев Руслан …дуккха а дукха.

Нохчийн сценашкахь хилла иттаннаш чуьра а, арахьара а васташ. Театрна белхаш язбина иттаннаша яздархоша а.


Ши тIом лаьттинчул тIаьхьа, тахана а чолхаллера яьлла йоцчу Нохчийчохь хIун хьолехь ю театр?

И хаттар Маршо Радионо дира бевзаш болчу театралашка.

Нурадиловн театран коьртачу режиссеро Хакишев Руслана, ша могашвацарна, шен метта дош делира актерийн довш долчу чкIурах волчу гоьвалла вевзачу халкъан артисте Джамаев Iимране. Цо бахарехь, шен тоьлла зеделларг шордеш а, къоначу актерашна дIакхачош а схьайогIу театр.

Маршо Радио: "Кху тIаьххьарчу муьрехь шу реза долуш пьесаш, драматургин кхиболу белхаш а кхаьчний шуьга, керла васташ кхоллалой театрехь?

Нохчийчоьнан халкъан артист Джамаев Iимран
Нохчийчоьнан халкъан артист Джамаев Iимран

Джамаев: "Тхо нохчийн маттахь къахьоьгуш делахь а, Кавказехула тхаьш дIалелаш хиларна, оьрсийн маттахь кечбина а бу тхан белхаш. Ахмадов Мусан, Уциев Абун, Нунуев Сайд-Хьамзатан, Мусаев Iалавдин, кхиболучийн а пьесаш ю оха ловзош.

Захаров Петран, суртдиллархочун 200 шо кхочуш хIоттийна спектакл ю оха гойтуш. Иштта хаза проект нисъелла, "Нохчийн махкахь - нохчийн маттахь" аьлла рубрика а йолуш. Иза а езаш тIеоьцу хьовсархоша. Цул хьалха Гадаев Мохьмад-Салахьах лаьцна болх а гайтира махкахошна".

Къоначу театралех билгалбевллачех, тIекхуьучу чкъурах а дийцира Маршо Радиона халкъан артисто Джамаев Iимрана.

Джамаев: "Баккъал а долуш, боккха кхаъ хилла тхуна тхайна юкъа кегийнах нисбелла. Ю яха хаза цIерш а къоначийн - Цингиев Аюб, Ахмадов Сулиман, Умаев Ризван, Джабраилов Шерип, Хасанов Тимарболат, Халиков Ризван. Мехкарех - Гайрбекова, Мизиева Фатима, Улубаева Зарема, Масарова Зухра, Мажиева Малкан, Ахмутханова Сацита... ТIекхуьуш хаза, дика чкъор ду".

Лермонтовн театрехь куьйгалхо а лаьттина, хIинца университетехь актеран факультетехь къона артисташ Iамош ву халкъан артист Марисиултанов Iела. Iилма, Оьрсийчохь, лаккхарчу дешаршкахь, мел гулдало гулдина шена Iелас. Кегийнаш Iамош велахь а, дийнахь-буса а театран дерриг а дахар ду цуьнан тергонехь.

Маршо Радио: "Махкарчу театрийн хьал-дахар хьуна муха го тахана, Iела?

Марисултанов: " Тахана вайн республикехь кхо театр ю. Университетехь кхиош къона актераш а бу. Хьалха уьш генна Москох, Петарбуха, Воронеже а хьийсош, нехан ворданахь кхиош бара, уьш атта юха а ца богIура. ХIинца кхуззахь, цIахь, 25 шо ду актераш кхиабен.

Театран актер, Нохчийчоьнан халкъан артист Марисултанов Iела
Театран актер, Нохчийчоьнан халкъан артист Марисултанов Iела

​Иштта 7-8 режиссер а кхиина кху шерашкахь. Уьш кхаа а театрехь а бу.

Делахь а театр хала меттиг ю. Цо, вайна ма-хаъара, адамийн синош, кхетам бузу. Мотт а кхиабо цо вайн".

Маршо Радио: Айхьа Iамочу кегийнахах бIобулий хьан, хуьлий царех дика актераш, бала а болуш, доьший цара?

Марисултанов: "БIобулу, бала а бу берийн шаьш арабаьккхинчу некъан. Иштта ца хилча-м театрехь дан хIума а ма даций. Адамийн дахар ма дуй цара гойтург, васт ловзо йиш яц, бала кIезиг хилча.

Нохчийн гIуллакх-гIиллакх, майралла, мотт - дерриг а хила дезаш ду-кх оцу театрехь".

Массо а вийцина ца валлал къахьегна ю нохчийн драматурги. Бух биллинчу Бадуев СаIидал тIаьхьа шолгIаниг бакъонца лору нохчаша Хамидов Iабдул-Хьамид шен цкъа а йицлойла доцчу «Бож-Iелица».

ТIаьххьара заманахь тоьлла Бож-Iелин васт ловзийначех ву веданхо, баккхийчу актерийн чкъурах волу Азаев Хьамид.

Муха го цунна къона тIаьхье, кхачамболлуш хезий нохчийн мотт сцени тIехь бохучунна тIера долийра оха цуьнца къамел.

Маршо Радио: "ТIаьххьарчу заманахь Бож-Iелин васт мелла а гергадалош, гойтуш, ваьллий цхьа а къона акктер? Ахь а ловзийна и васт, хьол тIаьхьа ваьллий цхьа а иза ловзадалуш?

Азаев: "Цхьа зама хьалха, режиссер дийна волуш, дешна махка схьадеара актерийн цхьа чкъор, царехберш гIоьртира Бож-Iела керлачу вастехь гайта, Амма аьтто ца белира. Ца баьлла аьтто кегийнчийн а, Х1унда аьлча, "Бож-Iелица" мотт бу, к1оргга, Кегийрхошна ца хаьа оццул шера ненан мотт".

Нохчийчоьнан халкъан артист Азаев Хьамид
Нохчийчоьнан халкъан артист Азаев Хьамид

Маршо Радио: Къоначу чкъуран нохчийн мотт муха хеза сцени тIехь, реза вуй хьо мотт хаарна?

Азаев: "И хаттар даима лаьтташ ду, маттаца дерг. Меттан проблема театрехь даима лаьттина, мотт дика хуурш а бу, кIезиг хуурш а бу. Делахь а кхуьуш ду къна чкъор, театр байлахь юьсур яц. Ма хуьллу гIодан-м гIерта тхо даккхийнаш".

Муха го махкара театр цигарчу вахархочунна, хьалха санна лой цо васташ, дагахь дуьсий уьш, кхачайой синна марзо? И хаттар делира оха театрца гергарло а долуш, ша а театралех кест-кеста яздеш а, киновасташ кхоьллина а йолчу киножурналисте Лакаева Залинига.

Лакаева: «Нохчийн театр нехан дахарехь яц олийла дац. Бина белхаш театрша схьагойту, телеверсешца а гойту. Веъча, зал даима юьзина а хуьлу. Боьлхуш а го, боьлуш а го хьовсархой.

Сан театрца гергарло Дудаев Мусах айса филм йоккхуш тасаделира, иштта кхиболучех а документалан кино йоккхуш бевзира актераш. Церан дахар, лехамаш, лазамаш а бевза - уьш къоман проблемашка хьаьжжина бу.

Хьелаш, чоьнаш дика ю театрийн тахана, Васташ гойту замане хьаьжжина. Бакъду, наха даима ларйо театрехь нохчийн классика цунах хзьагна хуьлу нах даима а. Со-м реза ю театран балханна. Цхьа актераш хилла ца Iаш, ерриг а тобанаш ю къахьоьгуш, царна наха а, Iедало а баркалла ала а догIу".

Къоманна а санна, театрна а бу тахана махкахь лела шатайпа политикан боламаш тIебозабелла лаьтташ. Маьрша вац актер шена ма-луъу, шена ма-гарра дуьне гайта а, васташ къесто а.

Ду театран сцени тIехь тахана бен лелийла а доцу васташ, ду цкъа а лийр доцурш а. Амма диллина ца лаьтта цхьа хьал, театр даиманенна ю, ткъа хьаькамаш богIу, боьлху. Коьртаниг, мел шена ца торучу хьелашкахь а болхбеш схьаеана театр, заманца ларабала гIерташ беха театралаш а.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG