ТIекхочийла долу линкаш

Шелахь буса хиллачу тIематасадалар ши полисхо а, кхо меттигера герзахо а вуьйш доьрзучу муьрехь лазийна ши вахархо кхачийна дарбан цIийне, хаамбина мехкан полицино. Цхьаьннан 28, вукхуьнан 49 шераш ду.

Шеларчу бахархоша бечу хаамашца, вийначу кхааннан гергарнаш бу лоьцуш, полице дIакхуьйлуш. ТIематасадалар лаьттинчу меттигна гергарчу 8-чу школе бераш ца дахийтина тахана дай-наноша.

Хьалхо террорхошца зIенехь бу аьлла, гIалара лецна кегийнах бу Iедало дIахецаза хIинца а. Гергарчарна хоуьйтуш дац царех хилларг, официалехь йовзуьйтуш яц лецначийн я цIерш а, я терахьаш а.

XS
SM
MD
LG