«Соьлж-ГIала – Мюнхен» рейсца кема лелар ду бутт баьлча, хаамбина зорбано, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIе а тевжаш. Иштта долалур ду кестта лела кеманаш Дубай а, Истамуле а, царна аьттонна керла авиатерминал а кхуллур ю, аьлла Кадыровс. Кеманашна дIасалела аьтто луш, керла хIаваан урхалла а хIоттор ю «Соьлж-ГIала» аэропортехь, боху хьостанаша.