ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Кремлехьа а верзахь, мехкдаьтта деза а латтахь...


Оьрсийчуьрчу аналитикаша чIагIдо, Цхьанатоьхначу Штаташа а, Европан Берто а Кремлна тоьхна санкцеш юхаяхахь, сом ондда чIагIлур ду кхечу дуьненан валюташна хьалха, бохуш. И хаам баржийна Bloomberg-агенталло.

Лаххара а 5-10 процентна совъер ю соьман таро, боху аналитикаша. Амма тергоеш Iен экономисташ бутт хьалха санна ца теша Iамеркан Штатийн президенто Трамп Доналда санкцеш юхайохур ю бохучух цунах хьалхо 45 процент нах тешаш хиллехь, хIинца и процент 35-нне охьаяьлла.

Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан финансийн министралло дIахьедина, лелаш болу соьман мах цуьнан бакъ мехал бестийна бу, 10 процентна девальваци кхайкхо еза, аьлла.

Оьрсийчоьнан 2017 шеран бюджет ю мехкдаьттан дуьненаюкъара мах 40 долларал лахбер бац аьлла хIоттийна, оцу тIегIанца хьал дисахь, Оьрсийчоьнан валюта долларна дуьхьаллатталур ду 70 сомал лакха ца долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG