ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

MeegoPad - уггаре жима компьютер


ДуьнентIехь уггаре жима, MeegoPad цIе а йолуш, компьютер арахецна Китайхь, хаамбо керла технологеш йовзуьйтучу Германерчу WinFuture хьостано. Йиъ тIум йолчу Intel Atom процессорх, оперативан 4 Гб «кхетамах» лаьтта, вай-фай лоцуш а йолу и кераюкъа хоьу портативан девайс.

MeegoPad-нна тIетасало йоккха монитор а, USB-порташ а. Оцу тароно иза хIоттайо ницкъалчу яккхийн кхомпьютерийн могIара. Windows 10 система чухIоттийна йолчу жимчу компьютерх доккху 155 доллар.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG