ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна Европе некъ боьхкуш ю ФСБ


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) буьйранчас Бортников Александра омра арахецна, Беларусца доза долчу Брянскан, Смоленскан, Пскован мехкашкахь хаш чIагIдан, чу-араволург, кехаташ а толлуш, тергалван дозанхой декхаребеш, хаамбина «Российская газето».

ХIинццалц маьрша бара Оьрсийчуьра Белорусе боьлху некъаш. Омранехь билгалдаьккхина, доза чIагIдо дехьа-сехьа лелачу наха низамаш талхош хиларна аьлла.

Цхьаболчу тергамчашна гарехь, Оьрсийчуьра Белорусин Полшица доза долчу Бресте а оьхуш, Европе кхача хьаьгна, дахначу шарахь эзарнаш нохчий лаьттина хиларца а, царна некъ бехкархьама а арадаьккхина Бортниковс шен омра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG