Махкарчу Халкъан Гвардин дакъойн куьйгалхошна шайн буьйранчин Делимханов Шарипан керла гIовс вовзийтина Кадыров Рамзана кхаарин сарахь.
Мохк террорах ларбарехь гвардино хIинцале баьхна баккхий кхиамаш, элира мехкан куьйгалхочо.
Кхеташо йоьрзуш совгIат делира низамхоша Кадыровна – «Терроризманна, экстремизманна дуьхьал лаьтташ кхиамаш бахарна» цIе ю цуьнан рогIерчу мидалан.