ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бакъоларъярхой охкуш бу низамхой


Нохчийчуьра бакъоларъечу юкъараллийн хIусамех хьовсуш бу низамхой, уьш «Iедал дохош бу» боху бахьана хьалха а дьккхина, хаамбина «Мемориал» центро.

Цо бахарехь, массех де ду и болам болийна. Полицин экстремизмна дуьхьалояран центр а, ФСБ а, экономикан кхерамзаллин урхалла а ю талламаш бийриг. Уггаре хьалха зуьйш ю арахьара финансаш схьаоьцу юкъараллаш, боху бакъоларъярхоша.

Амма низамхойн хьукматаша бакъ ца йо «Мемориало» яржийна информаци. Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхалло хаамбина, махкахь бакъоларъяран юкъараллаш яц толлуш, аьлла.

Маршо Радиоца къамелдина бакъоларъярхой ца хIиттира официалехь я бакъ дан а, я харцдан а «Мемориало» дина дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG