Бакъ дац Оьрсийчоьнна тоьхна лаьтта санкцеш къадйина бохург, дIахьедина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан администрацин векало Спайсер Шона.
Хьалхо Штатийн финансийн министралло хаамбинера, Iамеркахошна магадо къайлахчу сервисера (ФСБ-нера) Оьрсийчу информацин технологеш йохка яхьа бакъонаш еха, аьлла. Амма финансийн министралло шен сайта тIехь боху, ФСБ-нера лицензеш оьцуш шарахь 5000 долларал сов харж ян магош дац.
Дирзина шо довш Обамин администрацино дихкина ФСБ-ца муьлхха а юкъаметтигаш лелон, и сацам тIеийцира Iамеркарчу харжамашна Оьрсийчоьно кибератакаш йина аьлла шеко йолуш.