ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хейли Никки: Санкцеш ГIирма мукъаяккхалц лаьттар ю


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацехь Iамеркан векал йолчу Хейли Никкис еарийдийнахь Кхерамзаллин Кхеташонехь аьлла, Кремл Украинаца харцо лелорна бехке ю, иза декхаре ю хьал чолхенера даккха, ГIирма Украинана дIаяллалц лаьттар ю Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш.

«Халахета Цхьаьанкхеттачу къаьмнийн организацехь сайн дуьххьарчу къамелехь Оьрсийчоьнан агресси йийца езаш, … лаьара тхуна Оьрсийчоьнца гергарло чIагIдан, амма Украинерчу хьоло новкъарло йо», элира президенто Трамп Доналда деношкахь дуьненаюкъарчу хьукмате векал хIоттийначу Хейли Никкис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG