ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лукашенко: Беларус Малхбузенехьа ерзарх кхоьру Москох


Юкъаметтигаш шелъелла, Минск Европе «дIаяхарна» кхоьруш Кремл хьийзарна, аьлла Беларусан президенто Лукашенко Александра шен пресс-конференцехь.

Цо бехкевира оьрсийн къайлахчу сервисан (ФСБ) буьйранча Бортников «цкъа къолам хьаькхна» шина пачхьалкхан дозанан барт бохорна. Иштта, президенто бехктакхаман гIуллакх айде аьлла шен буьйранчашка кхчанан башхалла зуьйчу Оьрсийчоьнан Россельхознадзоран куьйгалхочунна Данкверт Сергейна дуьхьал, цо Беларусера жижиг иза Украинера кхаьчна хиларх шеко йолуш, Оьрсийчу ца дитарца шайн «пачхьалкханна зен дарна».Беларус мегар ю оьрсийн мехкдаьтта цахиларх а, элира Лукашенкос.

ФСБ-н куьйгалхочо Бортниковс деношкахь Оьрсийчоьнан Беларусца долу доза чIагIдайтина, Минско 80 пачхьалкханна визан раж малъярца доьзна. Беларусо шен гIулчца Оьрсийчоьнан дозанера кхерамзалла лагIйо аьлла хета Бортниковна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG