ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан омранехьа ца яьлла апелляцин кхел


Iамеркан Штатийн апелляцин кхело тIе ца эцна Трамп Доналдан мухIажирех долчу омран хьокъехь Сиэтлерчу федералан кхелахочо бина сацам юхабаккхахьара аьлла юстицин министралло дина арз, хаамбо Reuters-о.

7 пачхьалкхера мигранташ Штаташка буьтур боцуш президента арахецна омра цкъачунна ницкъ боцуш дуьсу оцу бахьанехь – федералан кхелахочун сацам лела ерриг а пачхьалкхехь.

Бусалба нах бехачу 7 махкара мухIажирш шайн махка буьтур боцуш омра дира Трампа бахначу беттан 27-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG