ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь лецна нохчий маьршабаьхна


Австрин пачхьалкхера арабовлар а доьхкуш, полицино маьршабаьхна Венехь лецна нохчий. Зуламечу тобанна декъахь хиларца шеко йолуш бехктакхаме гIуллакхаш айдина царна дуьхьал. АРА агенталло бечу хаамашца, талламаш бирзинчул тIаьхьа масех нохчо шайн пачхьалкхера араваккха лерина ду Австрин Iедал.

Шоьтадийнахь хаам баьржинера Нохчийчуьра схьаваьлла 20 стаг лаьцна Венехь аьлла. Маса топ а, тапча а, патармаш а даьхнера цаьргара. Меттигерчу бахархоша шеконашца кхайкхинчу полицино лецнера и нах.

Билгалдаьлла, оцу 22 стагах 16 пачхьалкхо мухIажирийн статус елла хилар а, 2 дуьхьалойинийла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG