ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клубаца контракт оьшу Емельяненко Александрна


Оьрсийчуьрчу ММА-н латархочо Емельяненко Александра дIахаийтина, Нохчийчуьрчу Кадыров Рамзанан доларчу «Ахмат» латархойн клубаца цхьаьна белхаш бан контрактна куьйгяздан а, WFCA Лигехь дакъалаца а шен лаам хиларх. Юкъараллехь цеце тIеэцна и дIахьедар.

ХIунда аьлча, хьалхо Емельяненко Александран воккхахволчу вешица Емельяненко Федорца, ММА-н латаршкахь бераша дакъалацарца доьзна иккхина конфликт хIинца а ерзаза хиларна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а кхерамаш тийсира ММА (Mixed Martial Arts) президентна Емельяненко Федорна хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG