ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: лецарш, зенаш, махкахбахар...


ТIамехь санна дараш, лецарш нислуш дIабирзина махкахь Керлачу шеран хьалхара бутт

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:47 0:00
Линкана тIе

Iедалхошна а, могIарерчу бахархошна а, полицин белхошна-м муххале а, ладегIаме а, бохаме а беъна Керлачу шеран хьалхара, дечке бутт.

Цу баттахь юкъаралла цецйоккхуш, цхьаъ-вукхунна тIаьхьа нисделла вер-ваккхарш а, лецарш а, кхиболу тIеман хьу-чулацам болу хиламаш а.

Iедалан хьостанаша шуьйрра кхайкха а деш, чекхбаьллачу бетта 11-чу дийнахь, тIамехь санна герзаца юкъаметтиг къасторца доьзна, шина агIор ялх стаг вуьйш, меттиг нисьелла Курчалойн кIоштан Цоцин - Эвлахь.

ХIеттахь лецна къайлабовла каяьллачех кхин масех а. Цул тIаьхьа леррина зераш а дина, совцийна ткъех сов кегийрхой. Церан географи а хилла шуьйра: Цоцин-Эвлара, Курчалара, Гелдаганара, БIаьчин юьртара, Гермчигара ишта кх дIа а.

Дечкен - беттан 16 - чу дийнахь, Iедалан хьостано хааме даккхарца, ницкъаллин структураша Курчалахь сацийна тIемалошца уьйр-юкъаметтигаш лелийна а, церан аьтто а бина Музаев Алихан цIе йолу жима стаг.

Низамхоша чIагIдарца, цхьана билггалчу хенахь иза тергонехь латтор бахьнехь, муьлш бу а хууш, гучубевлла цхьамогIа тIемалойн агIончаш. Цу хенахь дIакхайкхийна ма-хиллара полисхойн урхалле ца ваха ша-шена а тоьхна велла Курчалойхь лаьцнарг.

Дечкен - беттан 25-дийнахь герзаш дийлина Ленинан кIоштан полицин урхаллехь а.

ТIемалошца тIекаренаш лелаярна шеко йолуш лаьцначу жимачу стага, хIилланца низамхойн само а яйина, тапча йиттина чевнаш йина веа белхочунна. Циггахь вен дезна къармазалла гайтина дуьхьалонча а.

Махкахь вуно чIогIа гIара а долуш, цIий Iанош, зевне Iоттабаккхаме меттиг нисьелла чекхбаьлла бутт бовш Шелахь а.

Цигахь герзаш детташ, шина агIор вийнарг 5 стаг ву - кхоъ тIемало, шиъ - полисхо. Чевнаш йина дарбанан цIийне кхачийнера ларамаза цу метте нисвелла шиъ маьрша вахархо а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадаккхарца, зуламхой ир-кара хIиттош, царна тIехь куьйгалла динарг ву карарчу хенахь Шемарчу тIамехь дакъалоцуш волу шелахо Рашидов Мохьмад.

Шема пачхьалкхера тIамца доьзна лецнарш а, кхела хьалха хIиттийнарш а бац махкахь кIезиг. Цхьаьнаметта ворхI вахархо сацийнера, масала, Шелковск кIоштехь, уьш цу шайн боцчу тIаме кховча Iалашо кхобуш бу аьлла.

Бакъду, цхьаболчу тергамхоша шеконца тIеоьцу, дерриге дуьнено а нажжаз йинчу, Шемахь доза доцу къизалла гойтучу ДаIишан буьйранчаша олалла а деш, Нохчийчохь ячейка бохучу маьIнехь тIеман тоба кхолла гIерташ хилла боху хьажам.

МогIарерчу бахархошна а моттане а ца моьтту, тахана тергаллучу хьолаца и саннарг кхузахь хир ду а, я хила тарлуш ду а.

Цуьрриг синтеме ца беъначу цу Дечкен - баттахь нисделла гергарниш лорх ца кхуьуш лецарш а, мича, хьан буьгу а ца хууш маьрша нах дIабигар а.

Цул совнаха, оцу бийцаре бечу баттахь махкахь жоьпе ийзийна хьуламехь герз латтийнарш а, дохка дагахь, тодеш, герз тIехь хийцамаш бан гIиртийнарш а.

ТIеман хьу-чулацам болу сурт дуьззина хир дац, схьахетарехь, тIаьхьалонна латто герзан къайленаш ца хьахийча.

ХIара карабеъна Чиллан - бутт а болабелла тIеман амат-билгало гайта санна, тIаьхьий-хьалхий масех герзан къайленаш карош.

ТIехьа - Мартанан кIоштан лаьмнашкахь а, ГIалгIайчоьнан дозанца а гучуевллачу къайленаш чохь дIаIалашдина хилла ницкъала герз: гранаташ кхуьссу топ, масех мина а, дуккха а маса тоьпийн патармаш а, тайп-тайпана молханаш, кхийолу тIеман коьчалла а.

Ницкъаллин структурийн говзанчашна хетарехь, и герз дIаIалашдина хила тарло мацах цкъа цу меттигашкахь герзаца дуьхьало еш чекхваьллачу гIаттамхойн баьччана Махаури Беслана куьйгалла динчу тобано.

Низамхойн буьйранчаша дийцарехь, карийна герзан къайленаш а, иза чохь карийна лаьттах яьккхина цхьа тоьла хIаллакйина эккхийтар а дитна.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG