ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампна дуьхьал евлла дуьненчуьра компанеш


Iамеркан президенто Трамп Доналда мухIажирийн хьокъехь арахецначу буьйранна шаьш резадоцийла дIакхайкхийначу дуьненаюкъарчу компанешлахь ю Apple, Facebook, Uber, Google, Netflix. Юкъараллехь, экономикехь мигранташа бен пайда билгалбоккхуш, кIирандийнахь оцу компанеша Iамеркан кхеле апелляци елла. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн 9-чу апелляцин кхеле дахьийтинчу кехататIехь компанеша арздо, Трампа низамехь доцу дараш лелорна.

Дахначу пIераскандийнахь кхело президентан омра ханна сацор бахьана долуш, ворхь бусулба пачхьалкхан бахархойн таро ю Iамерке бахка. Кхелан сацамна ша резацахилар дIахаийтина Трампа.

Iамеркан юстицин министралло президентан агIо а лаьцна, кхелан сацамна дуьхьал арз чуделира. Амма, масех сахьт даьллачул тIаьхьа аппеляцин кхел округан суьдхочун хьесапна тIетайра.

Independent агенталло бахарехь, дуьненчуьра лаккхарчу технологин кхиаме компанеш уггар жигара оппоненташ хилла дIахIиттина Трампан политикан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG