Iамеркан президентца Трамп Доналдца хиллачу къамелехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир емалвеш журналисто комментареш ярна Fox News Iамеркан консервативан телеканале бехк баьккхинчу Кремло, ша къинтIера яккхар тIедожийна оршотдийнахь.
Оьрсийчоьнан президенте Трампан ларам хилар стенца доьзна ду ма-дарра хаа луучу ОʼРейли Билла кIирандийнахь эфирехь Путин «киллер» ву аьлла.
Жоп лучу Трампа, Иракъера тIом хьахош, жоп делла «Вайлахь а бу дуккха а нах бойурш. Вайн пачхьалкх зуламе яц аьлла хета хьуна!?». Reuters агенталло бо и хаам.