Туркойчоьнан эскарийн инарла штабо бечу хаамашца, туркойн ницкъаша Шемара Эль-Баб кIоштан стратегин коьрта лакхенаш дIалецна. «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца хиллачу тасадаларшкахь туркойн 2 салти вийна, 15 чевнаш йина. Исламисташна къаьсттина маьIне ю Шемара Эль-Баб а, Ракка а гIаланаш.
Эль-Баб гIала караерзаяро таро лур ю туркошна мостагIчунна дуьхьаллатта аьлла хета тергамчашна.
Хьалхо Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реждепа дIахьедира, Iамеркан президенто Трамп Доналда террорхошца къийсам латторехь доккха дакъа лацарна шайна баркалла аларх.
Президентийн векалша хаамбарехь, шина пачхьалкхан куьйгалхой цхьаьна тIом бан бартбина ю Эль-Баб, Ракка а схьайоккхуш.