ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конгрессан пурба доцуш Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш дIайохур яц Трампа


Iамеркарчу сенаторийн шина а партино низаман проект юкъаялийна, цуьнга хьаьжжина кхин дIа йолчу хенахь президентан Трамп Доналдан Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш юхаяхарца муьлхха а сацам Конгрессера пурба ца хилча къобалбан аьтто хир боцуш.

И низам доггах тIеэцначарех бу лараме болу сенаторш-республиканцаш: Маккейн Джон, Грэм Линдси, демократ Кардин Бен а. Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш тоян лаамах дуьйцучу Трампа къадийра хьалхо, Обама Барака Оьрсийчоьнна, цо ГIирмина йина аннекси бахьанехь, тоьхна санкцеш дIаяха а торуш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG