ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Депортацино хенал а хьалха йоккха хилар тIедожийра суна..."


Дохадар - гIелонца, адамо лан йиш йоцчу Iазапца,хIу дайта Iалашонца къам жоьжахатех чекхдаккхар.Ишта туьду цхьаболчу Iиманчаша а,яздархоша а вайнах Сибрех хьажор.

Нохчийн исбаьхьаллин литературехь массо агIор, шуьйра гайтина Даймахках хербинчу вайнаха Казахстанан а, ГIиргIазойн а мехкашкахь лайна къа-бала, миллий, мацаллий, ун хьаьдча эзарниш адамаш далар.

Белларш боцуш, дийна бисинчара лан безначу баланашка хьаьжча, царна хиллачу эшам-бохамашка ладоьгIча, стенан меха ду Ельцин-Путин-Медведев коьртехь лаьттинчу пачхьалкхо дийна боллушехь жоьжахатех баьхначу вайнахана итт эзар соьме кхочуш хадийна мах, иза а доьзалехь цхьанна бен ла а ца луш?

Кхузткъе кхойтта шо даьллехь а къомана тIехь «эра даьккхина» нехан дагалецамашкахь, цхьа дицдан йиш йоцу, хьакъ доцу мехала, деза хIума санна, карла а дуьйлуш лаьтташ ду дерриге а – хIора а гергарчу стеган валар а, цуьнан тIаьххьара дехаре хьажар а, цунна ян гIоле йоцуш йиш йоьхна гIорасизалла.

Лазаме дог Iийжар, бохаме сабIарздалар гуттаренна а бахархойн иэсехь дисна. 1944-чу шарахь хьаьдда-едда лелаш жима йоI хилла Теркйист кIоштера Солтамурадова Сарсар.

Къам Сибрех хьажо диъ-пхи де хьалха тIамера цIа веъна хилла цуьнан да-заьIапхо Эдалха. Цунна хууш хилла вайнехан къаьхьа кхаж баьллий, цундела цо кхачанан сурсаташ кечдойтуш кечамаш а байтина.

Амма дерриге а эрна хилла. Салташа цхьа хIума схьа ца эцийтина доьзале. Царна цедезаделларг а, цатайнарг шена хIун дара ца хаьа боху Сарсара, ша дас цхьана лоччар юкъа дIахьарчаяйтина цуьнан мидалш,седарчий а тIехь долу кийтал-кастом ца хиллехь.

Цунах а, Казахстанехь шена а, йишина а хенал хьалха йоккха хилар тIедожарх дуьйцуш ю Солтамурадова Сарсар а, цуьнан кхузткъара яьлла йоI Хеда а.

Ткъа къамел Сарсара долийра ша а, йиша а дукха кегий долуш, Iай стерчийн ворданашкахь эрз баккха эхарна тIера.

Эдалхин кIентий богIу олура

Сарсар: «Стерчий а дужий эрз баккха доьлхура. Iедална баккха а дезара, тхайна дечиг санна, кхе а туьллуш, баго а боккхура. Хийла цига бахнарш и эрз баккха ца ло олий юха а богIура.

Охашимма йиъ ворда юттура. Тхойшиъ йогIуш гича наха а олура Эдалхин кIентий богIу олий».

Маршо радио: Селхана цхьана воккхачу стага боху, шена Сибрех дагаеъча Iожаллин чам болуш мацалла дагайогIу..

Тхойга цхьа хIума схьа а ца эцийтира

Сарсар: «Мацалла яра... И мацалла-м, тхо цIерпошта тIе а доьттина, новкъадаьхчахьана дуьйна а лайра оха. Тхойга цхьа хIума схьа а ца эцийтира.

Оцу салташна карийна орденш, мидалш тIехь йолу тхан ден кастом бехке яра а а хаац, бедарш, юург схьа-м ца эцийтира, ур-аттал тIетаса юргIа а…»

Тхан дена хууш хиллера, дохош дуй къам

Хеда: «Масех де хьалха тIамера схьакхаьчначу тхан дена а хууш хилла-кх, къам дохош дуй. Цо юург-мерг кечйойтуш,бежана а дийна жижиг дакъадойтуш, кечамаш байтина хилла.. Цхьа хIума схьа-м ца эцийтина…

Схьаэцнарг а юханехьа кхуьссуш чуэхийтина салташа. ТIера хIумнашцаний дIа-м хьовсина. Цу цIерпошт тIехь наха сагIин дакъош а деш, цара елларг бен хIума йоцуш дIакхевчча-кх.

ТIаккха хилла зен меттахIоттош делларг мел ду 10 эзарнаш иза а чуьрчу цхьанна….»

Дера лайра оха халонаш

Сарсар: «ДIакхаьчначу хена тхо кегий дара. Дукха жима йолуш, докъар гульечух хIун алара-а… ХIаъ, гарабли, цу тIе хиира со уггар хьалха. Валлай жима-м яра со, маса шо дара ца хаьа..

Охьакхетарна кхоьруш дIа а лоций ишта ког а тухуш, докъар охьа а хоьцуш.. Кхера-м кхерара… ТIаккха стерчий а ма ду сецо дезаш. Ишта и гарабал йоккхуш. ТIаккха валкуш тIеяхна. Валкуш олуш докъар гульеш цхьа гIирс бар-кх. ТIаккха цунах раьгIнаш йина. Дера халонаш ма-лайна хаза нехан санна…»

Баккхийчу зударша дохадарх дуьйцучу заманахь, кхушара дуьххьала а доцуш, массеран а юкъара цхьа хIума дара тергаллуш - цаьрга совца ца лора комаьршша охьаоьху бIаьрхиш.

Схьагарехь цара лайначу халонашна а дацара иза. Царна дагатуьйсучех тера дара цу генарчу, хийрачу махкахь бисина шайн хеназа Iожалло дIалахьийна чуьра гергарниш,беза- бевзарш.

Иштачех, бIаьрхиш сацо да йоцчех, цхьаъ яра Теркйист кIоштера Солтамурадова Сарсар а.

XS
SM
MD
LG