ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

75 шо хьалха велла салти лаьттах воьллина


Даймехкан тIамехь вийна нохчо Сатуев Iусама дагалоцуш барам дIабаьхьира Соьлж-ГIалин комиссариатан майданахь. Цигахь дакъелецира чоьхьарчу министраллан векалша а, тIеман-патриотан юкъараллаша а, бIаьхочун гергарчу наха а.

Шен 25 шо кхаьчначу хенахь немцошна дуьхьал тIом бина ву Сатуев. Ржев гIалина уллохь велла иза къизачу летаршкахь. Оцу дийнахь байинчийн декъий стохка карийнера.

Цаьрца билгалвьалла Сатуев Iусама а. ПIераскандийнахь ша виначу Шелахь дIавоьллина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG