ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саралиев "Ас сайна улло а ца дитина жIаьла..."


Саралиев Мансур, ШаIми-Юьртара вахархо

Кху деношкахь пачхьалкхан зорбанаша а цхьаьна, кар-кара оьцуш дуьйцуш ду, хьуьнхахь тиллавелла кIант жIаьло лечуьра ваккхарх. Саралиев Мансура дуьйцу ма-дарра шех Iоттаделларг.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:33 0:00
Линкана тIе

Саралиев Мансур, дукхаъ шен нийсархой а санна, хьонке а лелаш, иза дIа а бухкуш, хене волуш ву.

И болх мел хала белахь а, хIинцалц схьа а, иштта къахьоьгуш схьавогIуш ву иза.

ХьастагIа, хьонке ваханчохь, тилвелла, шен накъостех дIа а хаьдда, хьуьнхахь висина иза, ша мича ваха веза ца хууш.

Цигахь буьйса а яьккхина, лаха арабевлачу нахана карийна иза. Iаьнан юккъерачу баттахь, хино ваша а вина, латина цIе а йоцуш, иза муха висина гIора ца веш, цунна шена а ца хаа.

Муьлхачу хIуманна а жоп дезачу юкъараллана иза делира цхьа моггIа журналисташа. Цара дийцарехь, хьуьнхахь Мансурна тIедеанчу жIаьло, юьхь тIе мотт а хьоькхуш, шен дегIаца вохвеш латтийна гIора дIадаьлла жима стаг.

Иза аьттехьа а бакъ ца до ша Саралиев Мансура. Иштта дийцира цо Маршо Радиога.

Саралиев: «Хица охьвахара со. Машенийн а, адамийн лар яра цигахь. Иза а дIаелира. Юхавоьдуш, цигахь хичу воьжнера со. Со охьавоьдуш суна уллехь лелара и жIала. Герга деъча, ас дIалоллура иза. Массанхьа дуьйцуш ду, со вохвеш иза хилла бохуш. Иза бакъ дац. Ас сайн улло ца доуьйтура иза. Со карийначу нахана гина иза дIадоьдуш».

Лайфньюс телеканало дийцарехь, ша лечуьра кIелхьараваьккхина жIаьла хIинца лохуш ву Саралиев Мансур. Цо ша бакъ ца до иза. Цул сов, IантIехь чIогIа кхерам хуьлу хьуьнхахь лела. Акхарой меца а, дера а хуьлу дела. Шайна берзлой тIаьхьра ца йовлу, черчий а тIаьхьа а идда.

Схьагарехь, шаьш додхдан гIерташ хиллачух тера а дацара уьш, аьлла дуьйцу хьонке лелачу кхечу кIанта Тасуев Лом-Iелас.

Тасуев: «Оха буьйса йоккхучу меттехь берзалой хуьлура тхуна уллехь. Сан накъостан тIаьхьа яьллера ча. Цхьана доккхачу диттан бухахь Iаш хилла иза. Делан къинхетам а хилла, тIаьхьара яьллера иза. Борз хIума хиллехьара, иза вуур вара, цхьа а шеко йоцуш».

Саралиев Мансурца хилларг хилла цхьа кIира сов хан яьллехь а, цуьнах дерг хIинца а шуьйра дуьйцуш ду юкъаралехь.

Наха, шайг-шайгара хIума тIе а тухуш, хаз а деш дуьйцу иза. Наха дийцарх-м кхетара, адам диканиг хаза лууш хила а мега, амма, журналисташка иштта а боцу тешам, шен байна, элира Маршо Радиога Соьлж-ГIаларчу вахархочо Абдулкеримов Ислама.

Абдулкеримов: «Кхечанхьахьула и мотт-эладитта даржо аьтто боцуш, журналисташ баржабора и аьшпаш. ХIинца дукха аьттонаш бу. Вайна дагадогIу-кх, шай хIаваъ кеманаш чу а тухий, нах бойура, тIаккха, склад иккхина, вовшех цара герз тоьхна байина, аьлла дуьйцура».

Нахана къамел дан Iемича дуьйнна, церан маршо дIаяьлла аьлла олу. ХIунда аьлча, нах шайний-шайний тIаьхьа хIотто лууш, къамелана говза а, маттана шера а болчу нахе ладоьгIу цара.

Цуьнах аьлла ду демагоги. Нахана тамехь дерг дийцар. И хIума, хIара дуьне кхоьлличхьана схьадогIуш ду.

Амма хьекъалца гена боцучара бакъ дой, тIеоьцу ишттачара мел дуьйцург, кхечара, шаьш ойла а еш, бохург кхечу хьостанашца дуста а дустуш шайн жамIаш до.

Хьажа комменташка (3)

ХIара форум дIакъевлина ю.
XS
SM
MD
LG